DiscoverМАРШОНАН ПОДКАСТ
МАРШОНАН ПОДКАСТ
Claim Ownership

МАРШОНАН ПОДКАСТ

Author: Marsho Radio

Subscribed: 3Played: 50
Share

Description

Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.
78 Episodes
Reverse
Британин вахархо Нохчийчохь хьийзош ву, нохчийн Iедална луьйш волчуьнгара ков-керт схьадаккха кхерамаш туьйсу, Украине хьийсочарна догIу ахча дIалуш дац – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арайолчу 79-чу подкастехь.
Килсана тӀелатар дан кечам барна шеконаш йолу нах лецна ГӀалгӀайчохь, Нохчийчохь тӀаме хьажийначу нехан терахь лакхадаьккхина, ткъа Кадыров Рамзанан кӀенташна керла совгӀаташ дели - цунах лаьцна а, кхин долчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион кӀиранан 78-чу подкастехь.
Путин Кавказехь хилира, Нохчийчуьра эскархо лаьцна Курскан кIоштахь къола деш, ткъа Австрихь миттинг хIоттийнера нохчийн диаспоро, Красиков дIаваларна дуьхьал, - цунах а, и доцчух а хезар ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршонан 77-чу подкастехь.
Украинхоша йийсаре лецна кадыровхой, Дудаев Джохаран сий деш мемориалан у схьадиллина Украинехь, Немцов вуьйш йукъархо хилларг Украинерчу тIамехь вац – цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радион 76-чу подкастехь.
Курскан кIоштахь "Ахматна" бехкаш дахкар, Нурмагомедовн Кремльца хила тарлу дов, Кадыровн гонна делла рогIера согIаташ а - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 75-чу подкастехь.
Нохчийн тIемалойн хьалханча Хангошвили Зелимха вийнарг хийцина, Белгородан кIоштахь кадыровхошна аьрзнаш дар, нохчийн миллиардеран Бажаев Мусан кIант лацар, Кадыров Рамзана хьиджабашна дуьхьал болчарна кхерамаш тийсар – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна хIора кIиранах арахоьцучу Маршонан 74-чу подкастехь.
Wildberries-н гонах иккхинчу девна йукъа гIоьртина Нохчийчоьнан куьгалхо, Соьлжа-ГIалара талламан изоляторехь хан такха витина Журавель Никита, Украинера тIамехь кадыровхой хьалхатоьтту – цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 73-чу подкастехь.
Нохчийчоьнан "коьрта бренд" Кадыров Рамзан, мехкан куьйгалхочун нуц шеконечу хьелашкахь набахтехь кхалхар, Дагестанехь теракт йинчул тIаьхьа лаьцначунна тIехь Iазапаш хьегар – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 72-чу подкастехь.
Никъабашна тIехула саццаза къийсамаш латтор а, "Францера нохчийн Йукъаралло" кхайкхам бина шайн махкахо вер таллар тIедожош, ткъа Кадыровн критикаша дIахьедина Нохчийчохь кхин а дуккха а нах лецарх. Цунах лаьцна хезар ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 71-чу подкастехь.
Никъабаш лелор ханна Дагестанехь дехкар, Нохчийчохь шен гергарнаш лачкъийна бигарх оппозицин блогеро Халитов Хьасанан дIахьедар, Кадыровн вешин кIентан керла дарж – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 70-чу подкастехь.
Дагестанехь герзашца дина тIелатарш а, церан тIаьхьало; Нохчийчуьра бахархошна Кадыров Рамзана кхерамаш тийсина; Евробертан санкцийн керлачу тептарехь йу Оьрсийчоьнан къилба а, Къилбаседа Кавказ а. Цунах а, и доцчух дуьйцур ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арахоьцучу 69-чу подкастехь.
Ростовера СИЗО-хь закъалтхой лийцира, украинхойн талламхоша Нохчийчуьра эпсарш бехкебина тIеман йийсархошна тоьпаш тохарна, Нохчийчоьнан бюджетан ах дакъа Кадыровн куьйгакIел йолчу компанешкахула схьаоьцуш ду - цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 68-чу подкастехь.
Кадыровн I7 шо долу кIант Путин Владимирца цхьаьнакхеттера, нохчийн политикан тутмакхна Мусаева Заремина дуьхьало йина могушаллица доьзна хенал хьалха маьршайала, Украинан Iедалхоша бакъ ца до Сумской кIоштара эвла схьайаккхарх лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо дина дIахьедар, - цунах а, и доцчух лаьцна шуна хезар ду Маршо Радион 67-чу подкастехь.
Францехь нохчий лецар, Мусаева Заремин хьокъехь Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацам, Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочунна Закаев Ахьмадана дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 65-чу подкастехь.
Францехь нохчий лецар, Мусаева Заремин хьокъехь Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацам, Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочунна Закаев Ахьмадана дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 65-чу подкастехь.
Нохчийчохь дIайаьхьначу рейдашкахь лецначарех цхьаъ кхелхина, мехкан Iедал чIагIдина Кадыровс даржашка шен нах хIиттош, цIера йеддачу нохчийн йоьIан дас ша иза кхин дIа а лоьхур йу аьлла – цунах а, и доцчух хезар ду шуна Маршо Радион 64-чу подкастехь.
Нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада дарж охьадиллар, Кадыровн администрацин куьйгалхочун вешин кIентан Дубайра беза бахам, Нохчийчохь хьехархошна дронаш лелон Iамор, Соьлжа-ГIалахь хилла Гвинея-БисАуран делегаци а. Цунах а, и доцчух а лаьцна шуна хезар ду Маршо Радион 63-чу подкастехь.
Къилбан тIеман гонашкахь зарратан Iамораш дIакхайкхийна тIеман министралло; ша могуш хилар бакъдан хьийза Кадыров йуха а; полисхойн рейдаш дIайаьхьна Нохчийчохь – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 62-чу подкастехь.
Кадыров Адам –"спецназан университетан" куратор ву, Цакаевна аьлла керла дакъа вовшахтоьхна Соьлжа-ГIалахь, кIиранчохь шолгIа тоба тIамтIе хьажорах дIакхайкхийна Кадыровс – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 6I-чу подкастехь.
Нохчийчуьра орцан министрана гонахара дов, Кадыровн метта хIоттон тарлучух лаьцна талламбар а, Нохчийчуьра хьал Кадыровс талхадо аьлла цхьадолчу зорбанашна хетар а – цунах а, доцчух а хезар ду шуна Маршонан 60-чу подкастехь.
loading