Discover
МАРШОНАН ПОДКАСТ
МАРШОНАН ПОДКАСТ
Author: Marsho Radio
Subscribed: 4Played: 202Subscribe
Share
© Marsho Radio
Description
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.
132 Episodes
Reverse
Нохчийн совдегар Джабраилов Iумар кхелхина, Мусаева Заремин хьокъехь керла сацам кхайкхийна, ша лаца гIоьртина шен белхан накъост вийна Нохчийчохь полисхочо. Цунах а, и доцчух а лаьцна дуьцур ду шуна Маршонан хIора кIиранах арахоьцучу подкастехь.
Нохчий, галгIай цIерабаьхна 82 шо кхечи, Казахстанан Iедалша Мовлаев шайн махкахь вуьту, Оьрсийчохь йуха а къуьйсу никъаб. Цунах а, и доцчух лаьцна дуьйцур Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу подкастехь.
Казахстанан аэророртера нохчо дIахецар доьху, Кадыров Адам цIавирзина, Алаудиновн керла дов - цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу подкастехь.
Баймурадова Iайшатан гIуллакхах лаьцна керланиг, нохчийн эскархо кхеле хIоттор, Дагестанера моллас шен зуда йер. Цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу подкастехь.
Керлачу шарахь Нохчийчоьнан Ӏедалан коьртехь хилла хьалхара хийцамаш, Кадыровн могушалла эшна йогIу бохуш, даьржина хабарш, Францехь йийначу нохчийн зудчух лаьцна керла хаамаш- цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршонан 128-чу подкастехь.
КадыровгIара санна, хьалххе доьзал чуберзо беза аьллачу Путинна критика йина бакъонашларйархоша, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен кIантаца дIасахийцина мидалш, Басаев Шемалан тобанехь хилла ву аьлла стаг лаьцна Ставрополехь. Цунах а, и доцчух лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 127-чу подкастехь.
Соьлжа-ГIалахь дронашца тохарш динчул тIаьхьа Москвара кхаьчна совгIаташ, Оьрсийчоьнан омбудсмено нохчийн инарла волчу Алауидиновн агIо лацар, цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна хIора кIиранах арахоьцучу Маршо Радион 126-чу подкастехь.
Нохчийчохь цхьана чуьра виъ стаг тIамтIе хьажийна нуьцкъаша, зударшна дихкина божарша къоман духаршца лелочу бустамех пайдаэцар, таIзар догIу Кадыровн векал маьрша ваьккхина -цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 124-чу подкастехь.
Нохчийчохь цхьана чуьра виъ стаг тIамтIе хьажийна нуьцкъаша, зударшна дихкина божарша къоман духаршца лелочу бустамех пайдаэцар, таIзар догIу Кадыровн векал маьрша ваьккхина -цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 124-чу подкастехь.
Баймурадова йеран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх долийна, Сочихь Путинан кабинетах терра чоь кечйина, иза волу меттиг къайлайахьа, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Раддион 123-чу подкастехь.
Баймурадова Iайшатан гIуллакхера керланиг, Ниццехь ворхI беран нана йер, нохчийн муфтийн Оьрсийчоьнан коьртачу раввинца иккхина дов, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан хIора кIиранах арайолучу 122-чу подкастехь.
Нохчийчуьра йедда хиллачу йоьIан гIуллакх, Уфахь «тIехьожург» лацар, ткъа Нохчийчохь Путинан цIарах кхел схьайеллар - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна хIора кIиранах Маршо Радионо арахоьцучу подкастан 121-чу декъехь.
Эрмалойчохь нохчийн йоьIан йалар, Боснира араваьккхина ши нохчо, "Ахмат" спецназана лийначу Белгородера йахархочунна гIуда тохар, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 120-чу подкастехь.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, националистийн а 500 соьмана тIехула даьлла дов, Бусалба нехан дог-ойла аьшнаш йарна блогерна таIзар дар, кадыровхоша лачкъийначу Щепихин Арегна хан тохар. Цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арахоьцучу 119-чу подкастехь.
Нохчийчохь йартийн цIераш хийцаро Думехь гIовгIа эккхийтина, керла ахча йукъадаккхар къуьйсу тIеман корреспондеташа Кадыровца, нохчийн совдегаро тIаме кхайкхар йемалдина - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 119-чу подкастехь.
Нохчийн кхиазхочунна хан тоьхна, Нохчийчуьра блогерш чоьте эцна, йагорг йуттучу меттигехь герз диттина нах лоьху ГIалгIайчохь - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду оха Маршонан 118-чу подкастехь.
Хьешан цIенна хьалха оьккхуьйтург йилларна шеконашца стаг лаьцна Соьлжа-ГIалахь, нохчийн бакъонашларйархо Арцуев Аслан федералан лехамашка велла, Нохчийчуьра таксхочунна 15 дей-буьйсий тоьхна мухIажарийн политикех лаьцна забарш йарна, цунах а, и доцчух а лаьцна шуна хезар ду Маршонан 117-чу подкастехь.
Нохчийчохь терроризм эшийна аьлла Кадыровс йуха а, нохчийн Iедалхой Пугачевана дуьхьал бу, Дагестанехь доьазза совдаьлла къизаллица зуламаш дар - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 116-чу подкастехь.
Бесланехь йохийначу школехь дагалецира 2004-чу шеран терактехь хIаллакбина нах, Киево бехкаш дехкина Кадыровна, Британино санкцеш кхайкхийна Кадыровн фондана, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 115-чу подкастехь.
Нохчийчохь вайна кIант лоьхуш хиларх Кадыров Адам вазвархьама пайдаэцна боху, ХӀинжа-ГӀалара бахархой йуха а дуьхьалбевлла ток дIайаккхарна,доьзалехь гIело латторна ГIалгIайчохь вайна кхиазхо зIене ваьлла – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 114-чу подкастехь.




