DiscoverМАРШОНАН ПОДКАСТ
МАРШОНАН ПОДКАСТ
Claim Ownership

МАРШОНАН ПОДКАСТ

Author: Marsho Radio

Subscribed: 4Played: 178
Share

Description

Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, царах лаьцна дIахьедар стенна оьшу а.

122 Episodes
Reverse
Баймурадова Iайшатан гIуллакхера керланиг, Ниццехь ворхI беран нана йер, нохчийн муфтийн Оьрсийчоьнан коьртачу раввинца иккхина дов, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан хIора кIиранах арайолучу 122-чу подкастехь.
Нохчийчуьра йедда хиллачу йоьIан гIуллакх, Уфахь «тIехьожург» лацар, ткъа Нохчийчохь Путинан цIарах кхел схьайеллар - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна хIора кIиранах Маршо Радионо арахоьцучу подкастан 121-чу декъехь.
Эрмалойчохь нохчийн йоьIан йалар, Боснира араваьккхина ши нохчо, "Ахмат" спецназана лийначу Белгородера йахархочунна гIуда тохар, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 120-чу подкастехь.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, националистийн а 500 соьмана тIехула даьлла дов, Бусалба нехан дог-ойла аьшнаш йарна блогерна таIзар дар, кадыровхоша лачкъийначу Щепихин Арегна хан тохар. Цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арахоьцучу 119-чу подкастехь.
Нохчийчохь йартийн цIераш хийцаро Думехь гIовгIа эккхийтина, керла ахча йукъадаккхар къуьйсу тIеман корреспондеташа Кадыровца, нохчийн совдегаро тIаме кхайкхар йемалдина - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 119-чу подкастехь.
Нохчийн кхиазхочунна хан тоьхна, Нохчийчуьра блогерш чоьте эцна, йагорг йуттучу меттигехь герз диттина нах лоьху ГIалгIайчохь - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду оха Маршонан 118-чу подкастехь.
Хьешан цIенна хьалха оьккхуьйтург йилларна шеконашца стаг лаьцна Соьлжа-ГIалахь, нохчийн бакъонашларйархо Арцуев Аслан федералан лехамашка велла, Нохчийчуьра таксхочунна 15 дей-буьйсий тоьхна мухIажарийн политикех лаьцна забарш йарна, цунах а, и доцчух а лаьцна шуна хезар ду Маршонан 117-чу подкастехь.
Нохчийчохь терроризм эшийна аьлла Кадыровс йуха а, нохчийн Iедалхой Пугачевана дуьхьал бу, Дагестанехь доьазза совдаьлла къизаллица зуламаш дар - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 116-чу подкастехь.
Бесланехь йохийначу школехь дагалецира 2004-чу шеран терактехь хIаллакбина нах, Киево бехкаш дехкина Кадыровна, Британино санкцеш кхайкхийна Кадыровн фондана, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 115-чу подкастехь.
Нохчийчохь вайна кIант лоьхуш хиларх Кадыров Адам вазвархьама пайдаэцна боху, ХӀинжа-ГӀалара бахархой йуха а дуьхьалбевлла ток дIайаккхарна,доьзалехь гIело латторна ГIалгIайчохь вайна кхиазхо зIене ваьлла – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 114-чу подкастехь.
Мусаева Заремина кхин а диъ шо гергга хан тоьхна, ГIазза секторан бахархошна гулдечу ахчана тIехь терго латтор йу Кадыров Адама, ХIирийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а йукъарчу постехь мацалла кхайкхийна пхеа украинхочо – цунах а, и доцчух а ладогIа таро хир йу шуна тхан 113-чу подкастехь.
Нальчикехь полисхочунна дина тӀелатар, нохчийн Iедало Украинера тӀамна хьажийна ахча а, Мусаева Заремин кхелехь хилла ладегIарш а – цунах а доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 112-чу подкастехь.
Нохчийчохь доккха ловзар хIоттийра 17 шо долчу Кадыров Адамна зуда йалийначохь, Кадыров Рамзанна могушалла йоьхуш, доIанаш дар доьхуш махкахь бина кхайкхам, "Ахмат" спецназан буйранчан Алаудинов Аптин сахьтаца йозна скандал, Соьлжа-ГӀалахь кхо кхиазхо ахшарахь полицехь лаьцна латтор а, - цунах а доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 111-чу подкастехь.
«Оьрсийн йукъаралла» нохчийн берашна дуьхьал йу, Мусаева Заремин кхеле ца веъна волайнхо, депортаци йина иттанашкахь украинхой бу хIирийн а, гуьржийн а дозанера ларми чохь латтош - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 110-чу подкастехь.
Ши шо хьалха лачкъийна Сулейманова Седа лехамашка йелла полицино, ГIажарийчоьнан а, Израилан а тIамах пропагандин гIирс хилла Къилбаседа Кавказехь, садаIа цIа бохуьйтург эскархошкара кхаьънаш даьхначу Нохчийчуьра командирна кхел йина – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 109-чу подкастехь.
Пропагадистан Соловьеван а Алаудиновн дов а, бохьна доьзалш цхьанатохар а, Сулейманова Седан лерина пикеташ а- цунах а, доцчуху а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 108-чу подкастехь.
Нохчийн оппозиционераша дийцина, полисхоша ницкъбина стаг валарх, Немцовн гIуллакхехула таIзар динарг Нохчийчу дехьаваьккхина, Кадыровс дIахьедина керла полк вовшахтоьхна аьлла – цунах а, и доцчух а дуьцур ду шуна Маршо Радион 107-чу подкастехь.
Нохчийчохь телеграм дIакъовлар, Кадыров Адаман керла совгIат, Мадиев Муслим Интерполон лехамашкара дIаваккхар –кхунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 106-чу подкастехь.
Нохчийн эскархой украинхошкахьа дехьабевлла, Москвахь леттачу нохчашна хенаш тоьхна, Нохчийчохь кхел йоцуш нах байъарх лаьцна йаздинчул тIаьхьа "Новая газетана"кхерамаш тийсарна бина латкъам Европерчу кхело къобалбина – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду Маршо Радион хIора кIиранах арайолучу 105-чу подкастехь.
Кадыров Рамзана велла дIаваллалц Нохчийчоьнан куьйгалхо хир ву ша аьлла дIакхайкхор а, Соьлжа-ГIалахь лецна латтон украинхойн йийсархой а, нохчийн йолахочунна пхи шо хан тохар а – цунах а, доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 103-чу подкастехь.
loading
Comments 
loading